ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьно Палмирехь тIеман база йиллина, бохуш дIахьедо Пентагоно


Syria -- Palmira infographic

Цхьаьнатоьхначу Штаташна хета Оьрсийчоьно Палмирехь тIеман база йина аьлла. Иракъехь а, Шемахь а, терроризмана дуьхьал къовсам дIахьочу Iамрекан эскарийн официал векала, полковник Уоррен Стива дира и дIахьедар. Делахь а, Пентагонан цу векала боху “ хIинца а хьалхе ду Оьрсийн герзашца кечбина ницкъаш цу регионехь ехачу ханна биса дагахь бу а бац хуьийла.” Палмира гIалана мел гергга ю база аьлла динчу хаттарна полковникан дала билгал жоп ца карийра. “ И база цунна мел уллохь ю шуна билгал жоп дала йиш яц сан” – элира цо.

Дагадаийта догIу, жимма хьалхо ТIеман министераллан векала Конашенков Игора Оьрсийчоь тIеман база Шемерчу Палмир йуьллуш ю боху зорбане баьхна хаамаш харца бу элира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG