ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Обама - Хиросимехь


Iамеркан Цхьанатоьхначу штатийн президенташлахь дуьххьара ву Барак Обама оцу пачхьалкхо 71 шо хьалха зарратан бомба тоьхначу Японерчу Хиросимехь. Цига вахначу президенто Даиманенна Латийначу цIарна гергахь зезагаш дахкарца йолийра шен визит пIераскана. «Адаме иштта бала кхин ца лайта жоьпалла ду дерриг а дуьненна тIехь» - элира Обамас.

Японехь 7 ницкъалчу пачхьалкхийн экономикан саммит йолалуче веъначу цо элира, ша сийдо Дуьненан ШолгIачу тIамо эшам беъначу нехан. Амма Обамас зама хьалха шен пачхьалкхо динчу зенах японхой къинтIера бохуш дош ца элира. 1945-чу шеран Гезгмашин-беттан 6-чу дийнахь 15 тонн йолу зарратан бомба туьйхира Iамерко Херосимина тIе, велира хIетахь цунах 80 эзар стаг.

ШолгIа зарратан тохар дина Штаташа кхин а кхо де даьлча – Нагасакина тIе. Оцу шина бомабно Дуьненан ШолгIа тIом берзар сихдина лору цхьаболчу историкаша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG