ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

G7 саммит ю Японехь


Японехь йоьдучу шина дийнан G-7 саммито бартбина Оьрсийчоьнна цо Украинана харц тIеIаткъам барна тоьхна лаьтта экономикан санкцеш тIебогIучу баттахь кхин а дIаяхъян, хаамбина саммитан декъашхочо, Британин премьер-министро Кэмерон Девида. «Украина Оьрсийчоьно могуьйтучу агрессина кIел ю. Иза бакъ хилар вайн диц ца до,иза факт ю.

Оьрсийчоьно ГIирмина 2014-чу шарахь аннекси ярна а, Донбассерчу сепаратисташна гIодарна а тоьхна вай цунна санкцеш,» - бохура Кэмерона. Нагахь санна Москох ша Минскехь Украинехь машар барна тIетовш бина барт кхочушбан реза яцахь, шаьш рогIера таIзарш билгалдаха а кийча ду, аьлла Цхьанатоьхначу Штатийн, Канадин, Британин, Италин, Германин, Францин, Японин лидерша.

Оцу дIахьедарна дуьхьал Кремло даржийна, санкцеш шоръяро талхор ю дуьненан экономика, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG