ХIусамашкара бевдда, шайн махкахула баха керла меттигаш лоьхучу овхIанхойн терахьаш 1 миллион 200 эзар стаге кхаьчна кху тIаьххьарчу кхаа шера чохь, боху дуьненаюкъарчу бакъоларъяран Amnesty International юкъаралло. Лондонерчу оцу хьукмато бахарехь, пачхьалкхан дозанел арахьа веха тахана 2 миллион 600 эзар овхIанхо.
Цо бахарехь, цхьа а доьзал бац кху тIаьххьарчу 40 шарахь шен цIера балаза бисина. ОвхIанистанан маьI-маьIIехь мухIажирш бевлла бехачу нахана ца тоьа хIусамаш, кхача, хи, молханаш, аьтто бац берийн деша, болх карон.
Къилба Азерчу Amnesty International юкъараллан декъан директора Пател Чампас латкъам бина, ОвхIанистанерчу конфликто нахана бохьу бала дуьненна бицлуш лаьтта, аьлла. Iамеркан эскарш оцу махкара 2014 шарахь дIадахчхьана дуьйна вуно телхина ду адамийн бакъонашца долу хьал.