Монро Мерилинан 36 шо долуш хеназа Iожалла хилира. Дуьнена тIехь яьккхина зама йоца хиллехь а, малхбузерчу синбахамаллина цо бина тIеIаткъам чIогIа кIорга а, мехала а бара. Iамеркехь кино актрис санна дукха а баьхначу кхиамийн а, похIмийн а, шатайпа башхачу хазаллийн бахьанехь, шен оьмрехь икон тайп символ хилла дIахIоьттинера иза. Тахана а лору иза Малхбузено хазаллин масал, хьовхачу иэсаца дагалоьцу. Цунна сийнна лерина гайтамаш дIахьо дуккха а пачхьалкхашкахь.
Мэрилин Монрон (мангал-бутт 1, 1926 – марсхьокху-бутт 5, 1962) тахана 90 кхочур дара.

1
Мэрилин Монро, дуьненахь уггар гоьяьлла Iамеркера актрисса а, хазаллица гIараяьлла зуда яра 1950-чу шерашкахь.

2
Ц.Ш. Актёраш Вивие Лих, Сэр Оливье Лоренс, Монро Мерилин, 1956-чу шеран гIадужу-беттан 14-гIа де.

3
Лекха кIажа болу мачаш тайнера Монро Мерилинана.

4
Ц.Ш. Беран санна буьрканах ловзарх самукъадаьлла хаало Монро Мерилинан кху суьрта тIехь, 1957-чу шеран стигалкъекъа-беттан 16-гIа де.