Монро Мерилинан 36 шо долуш хеназа Iожалла хилира. Дуьнена тIехь яьккхина зама йоца хиллехь а, малхбузерчу синбахамаллина цо бина тIеIаткъам чIогIа кIорга а, мехала а бара. Iамеркехь кино актрис санна дукха а баьхначу кхиамийн а, похIмийн а, шатайпа башхачу хазаллийн бахьанехь, шен оьмрехь икон тайп символ хилла дIахIоьттинера иза. Тахана а лору иза Малхбузено хазаллин масал, хьовхачу иэсаца дагалоьцу. Цунна сийнна лерина гайтамаш дIахьо дуккха а пачхьалкхашкахь.
Мэрилин Монрон (мангал-бутт 1, 1926 – марсхьокху-бутт 5, 1962) тахана 90 кхочур дара.

5
Хелхарийн похIманча яра Монро Мерилин. Кест-кеста, кино чохь рол ловзош, цу похIмах пайдаэца дийзира цуьнан.

6
Еларна тIера яра Монро. ХIара сурт даьккхина Монро Мерилин ялале масех бутт хьалха 1962-чу шеран марсхьокху-беттан 5-чу дийнахь.

7
Стенна ойлайо техьа, Монрос? 1961-чу шеран гIуран-беттан 3-гIа де.

8
Керла кино яьккхича, кхиам баккхар даздан а мегар ду. Монро Мерилин а, французийн актёр а, илли алархо а Монтанд Ивес кино яьккхинчул тIаьхьа, 1960-гIа шо