Монро Мерилинан 36 шо долуш хеназа Iожалла хилира. Дуьнена тIехь яьккхина зама йоца хиллехь а, малхбузерчу синбахамаллина цо бина тIеIаткъам чIогIа кIорга а, мехала а бара. Iамеркехь кино актрис санна дукха а баьхначу кхиамийн а, похIмийн а, шатайпа башхачу хазаллийн бахьанехь, шен оьмрехь икон тайп символ хилла дIахIоьттинера иза. Тахана а лору иза Малхбузено хазаллин масал, хьовхачу иэсаца дагалоьцу. Цунна сийнна лерина гайтамаш дIахьо дуккха а пачхьалкхашкахь.
Мэрилин Монрон (мангал-бутт 1, 1926 – марсхьокху-бутт 5, 1962) тахана 90 кхочур дара.
9
Ма ирсе ду адамийн дахар. Монро Мерилин а, цуьнан шолгIа майр Миллер Артур а.
10
ЦIаьххьана хедира Монро Мерилинан дахар 1962-чу шеран марсхьокху-беттан 5-чу дийнахь.
11
Дукха нах баьхкира Голливуде Монро Мерилинан тайзета цуьнга тIаьххьара Iодика ян 1962 шеран марсхьокху-беттан 10-чу дийнахь
12
Дуьненан дахар хеддехь а, нехан иэсехь дисна Монро Мерилинан васт. Монро Мерилинана лерина гайтам Чехехь.