ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гератехь - гергарлонан гIишло


ОвхIанхойн-хIиндойн гергарло чIагIдаран программин декъехь, ГIажарийчоьнца дозанехь йолчу ОвхIанистанерчу Гератехь иттех шарахь реконструкци ян еза 300 миллион мах болу электростанци Салма карлайоккхучу веара шоьтадийнахь ОвхIанистанан президент ГIани Ашраф а, ХIиндойчоьнан премьер-министр Наредра Моди а. 42 мегаватт серло луш хир ю станци, 75000 гектар лаьттана хи латто а таро лур ю цо.

ГIанис шина мехкан гергарло чIагIлуш хиларан тоьшалла ду, бохура, болийна болх. Ткъа Модис хIиндошна лаьа тIемаша гIелйинчу ОвхIанистанна гIодан, элира. Луларчу Пакистанца, цо тIалибаш тIекIабо, аьлла, ийгIинчу ОфхIанистано шоръеш ю хIиндошца йолу юкъаметтигаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG