ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шверцархошна ца лаьа иштанехьа ахча эца


КIирандийнахь «ца хила йиш йоцу таро» олу хаттар къастош референдум хилла Швейцарехь. ХIора а вахархочун цIентIе 2260 евро лахара ахча ца пачхьалкхо кхочуьйту низам тIеэцаран хьокъехь яра и плебисцит.

Социологийн тобан gfs сайто гайтарехь, 78 процент швейцархоша дуьхьал кхаж тесна. Харжамхошна хетарехь, оццул ахча хIора вахархочунна пачхьалкх хIора а баттахь дIадала йолалахь, цуьнан бюджет лекъар ю.

Ткъа оццул ахча махкера нахана кхочийла луучара – уьш 22 процент бу – боху, хала а, бан маьIна доцчу а белхашкахь бахка декхаре хир бац нах, цара шайна даго хьоьхху гIуллакх юьхьарлоцур ду, ца догIуш оццул ахча иштта а хилча.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG