КIирандийнан буса Казахстанерчу Актобе гIаларчу герз духкучу туьканашна а, тIеман декъанна а динчу тIелатаршкахь вийна 6 стаг, иттаннашна чевнаш йина. Оршотан Iуьйранна а хезаш дара «Нур сити» олучу кIоштахь дуьйлу герзаш.
Казахстанан Iедало бечу хаамашца, кху сохьта хьал кхераме дац, лелаш ю юкъара транспорт, белхан хьукматаш саццанза белхаш беш ю. Казахстаннан чоьхьарчу гIуллакхийн министро бахарехь, тIелатарш динчарех 4 вийна, 7 йийсаре лаца аьтто хилла. ТIелатаршна бехкечу зуламхойн цIерш Iедалхошна билгалъевлла, бисинарш лоьхуш, кхин дIа хьош ю ницкъаллин структураша операци.
Цкъачунна цхьана а радикалан тобано шена тIе ца лаьцна дина зулам. Казахстанан Iедало радикал исламхой лору теракт динарш.