ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Петарбух-м хIунда дуьйцура, Кремлна лур яр ас Кадыровн цIе!"


Бахначу баттахь а, хIинца а даржийна дуьйцу Оьрсийчоьнан цхьацца гIаланашкахь нохчийн къам Кремлна юхамуьтIахь дарехь къахьегна волчу Кадыров Ахьмадан цIе цхьацца гIаланашкарчу меттигашна тилла еза, бохуш.

Масала, кху баттахь Петарбухерчу цхьана жимачу тIайна Кадыров Ахьмадан цIе тилларна гонах йоккха гIовгIа яьлла могIарерчу бахархоштIера баккхийчу хьаькамашна тIе кхаччалц.

Дуккха а бу цунна дуьхьал а, тIетовш а.

Цуьнца доьзнера Маршо Радионо шен рогIера кIиранан хаттар.

Шуна муха хета, нийса дуй Кадыровн Ахьмадан цIе меттигашна тиллар?

Хьакъ варий и стаг дерриг а Оьрсийчоьно вазван?

Нохчийчохь а, цул арахьа бехачу вайнахалахь а ца дисина хаттар юьстах. Даим санна жоьпаш даьхкина Маршо Радионе.

Хозуьйтур вай уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG