ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москохарчу Украинан векалтна тIелатар дина


Оьрсийн зорбанаша Iорадаккхарца, пIераскана буса, цабевзачу наха Москохарчу Украинан векалтна тIе хIоаш диттина. «ТАСС» агенталлан зерашца, цу акцехь дакъалаьцна 200 гергга стага.

Зорбанаша дийцарехь, кегийчунехан тобано Украинан векалтна герга а бахана, кеп-кепара хIумнаш, хIоаш а тIелестина. Цул тIаьхьа церан каяьлла къайлабовла, полици схьакхачале.

Де хьалха, Одессехь жигархой гIоьртинера Оьрсийчоьнан инарла консулаллна тIебоьду некъ къовла. Iалашо - Оьрсийчоьнан Де билгалдаккхарна новкъарлояр.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG