ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанхоша шайн лачкъийна нах схьабоьху Iедале


Мангал-беттан 3-чу а, 9-чу а деношкахь тIепаза вайначу Сулейманов Мохьмадан а, Мусаев Омаран а гергарчара митинг хIоттийнера шоьтадийнан Iуьйранна ХIинжа-ГIалахь. Митингоша тIедожийна ницкъаллин структурашна, шайн байначийх дерг хаийтар.

«Кавказан узел» агенталло хаам бира, еарийдинахь вайначу Мусаев Омарах лаьцна. ВидеогойтилаштIехь къаьста, тIехьабевллачу туьтмIаьжгаш йоьхкинчу нахах къаьхкина ведда воьдучу Мусаев Омарна хаьхкина йогIу машен тIекхеташ.

Оцу цабевзачу наха лаьцна шайн машенчу а виллина, къайлаваьккхина Мусаев. ХIинжа-ГIалин коьртачу майданахь хIоттийначу акцехь дакъалецира 100 стага.

Делкъанна ши сахьт даьллачу хенахь, полисхой гIоьртира митингера нах къахко, байначийн гергарчарна гIоьнна Хасав-Юьртара схьаоьху машенашна а дуьхьалонаш йинера Iедалан ницкъаша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG