Ши нохчийн дзюдоисто дашо мидалш яьхна, ткъа цхьамма кхоалгIа меттиг яьккхина Словенехь хиллачу Европан къовсамехь. Толамаш баьхнарш Гехаев Асламбек (73 кийла) а, Башаев Тамерлан (100 кийланал сов) а ву. КхоолгIачу меттигах тоамбан безнарг вара Азизов Аббас (81 кийла). Къовсам дIабаьхьира мангал-беттан 11-чу а, 12-чу а деношкахь.
Толамаш боцуш ца бисина Европерчу къовсамехь нохчийн дзюдоисташ
