ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуш-Корт керлачу меттигехь


Нохчийчоь --Латта такхар Яраш Мардехь, 2016
Нохчийчоь --Латта такхар Яраш Мардехь, 2016

Лаьмнашкахь Iуьллучу Шуьйта кIоштахь керла юрт йилларан белхаш доладелла кху беттан 13-чу дийнахь. Ма-хаарра, кху беттан 12-чу дийнахь цу юьртахь латта такхаран бахьанехь 52 стаг чохьа вехаш итт хIусам йохийна, ткъа хIусамана зенаш дина. Тхов кIело йоцуш арахь бисина нах шайн гергарчаьргахь а, бевзаш-безачаьргахь а дIатарбелла Гуш юьртахь а, луларчу Вярд юьртахь а. ТIебогIучу баттахь 6-чу дийнахь цIенош доттаран белхаш чекхдохур ду бохуш дIахьедо цу кIоштан куьйгалло. Дохийнарг 10 цIено бен дацахь а, кхин а 20 хIусамана дина зенаша даккхий долу дела а, цу чохь нахана баха кхераме хилар бахьанехь а, царна а керла хIусамаш хьалаян сацам бина Нохчичуьрчу. Цу юьртарчу наха схьадийцарехь, хIинцале цхьана куцехь йийр йолчу хIусаманашна бух ботта болийна. Нохчийчуьрчу Iедалша бечу хаамца, мархийн бутт чекхбаьлча, марханаш къобалдан боху хьеший керла хIусамашкахь тIелаца аьтто хир бу Гуш-юьртахь ковнех-кертех бевллачеран. Цхьана баттахь хьаладийначу цIенойн дикалла мел дика хир цкъачунна хуийла дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG