ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркин Европехь йолчу ракеташна дуьхьал системина реза вац Путин


Оьрсийчоь -- Путин Владимир Петарбухехь зорбанан конференцехь. Манг.17, 2016.
Оьрсийчоь -- Путин Владимир Петарбухехь зорбанан конференцехь. Манг.17, 2016.

Iамеркин Малхбалерчу Европехь йолу ракеташна дуьхьал йолу система «боккха кхерам" бу аьлла дIехьедина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира. Москохо шен ракеташ тоха болу аьттонаш лакхабахарца жоп лур ду цунна бохуш вара иза ПIераскан дийнахь Петарбухехь дуьненаюкъарчу экономикан форумехь вист хуьлуш.

НАТО-но и система ГIажарийчоьнан ракетех ларбала кхоьллина ю боху. Амма Путинна хетарехь, цунах дукха атта ялур ю Оьрсийчоьнна дуьхьал хьажийна йолу тIелатаран система.

"Ракеташ дIахIиттош кечйина йолу биргIанаш а, элеваторш а лелош ю Томагавк олучу ракетех пайда оьйцуш. Цхьана шина сохьтехь цига Томагавкаш хIитталур ю, тIаккха иза ракеташна дуьхьал йолу система йолчура дIайолу», - бохуш вара Путин.​

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG