ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчалла. Бахаме хьаьжжина мах хадор - сакхт


Лай, элий боцуш, лахара-лакхара воцуш, паччахьаш боцуш - халкъан Iедал хилла вайн Даймахкахь хьалхалерачу заманахь, кхечу мехкан Iедал вайна довзале...

Ткъа хIун пачхьалкх хилла и сел тамашийна, дуьненчохь шена масалла доцу шатайпа пачхьалкх?

Муха хилла цуьнан дIахIоттам? ХIун хилла цуьнан низам латториг? ХIун хилла цунна мехала хетарг? ХIун хилла цунна шена йохарна кхераме хетарг, арахьара чубогIу муьлхха а пачхьалкх йохош болу тIом боцург, кхин а?

Цу заманера кху замане хIун сехьадаккхаделла вайга хиламаша бечу тIеIаткъамашна юккъехула? Муьлха мехаллаш ларъелла? Муьлхарш ца ларъелла?

Цунах лаьцна дуьйцур ду вай хIинца.

Дерригенах лаьцна дийца аьтто хIокху цхьана къамелехь ца хилахь а, тIаккхахула а дуьйцур ду вай кхунах, доьгIнехь.

ГIиллакх-оьздангаллин бух тIехь лаьтташ хилла хIетахьлерчу вайн маьршачу мехкан бахархойн юкъаметтигаш.

Халкъаца доьзна долчу массо а хIуманна Iуналла деш хилла тайпанийн векалех лаьтта мехкан кхел.

Вайнеха пачхьалкхана йохорна кхераме долу массо хIума кхеле дуьллуш, сацамаш беш хилла цо. Халкъана пайдехьа дерг биен тIеоьцуш а ца хилла, халкъана новкъа дерг биен юккъера дIадоккхуш а ца хилла.

Ткъа вайн дай ларбеллачу хIуманех цхьаъ вай тахана хьахор ду хIокху къамелехь. ХIун ду иза? Дино а емалдеш долу дуьненан ниIматана стаг дукха чIогIа тIаьхьавалар ду.

Иза вайн къомо шена къаьсттина зуламе долчух цхьаъ лоруш хилла, юкъаметтигаш, нохчалла, пачхьалкх йохош долу.

Вайнах хьалха заманахь, шайна Iер-дахарна тоъал хIума хилчхьана, хIуманах тоам беш хилла. Цуьнан тоьшалла до XIX -чу бIешарахь ваьхначу оьрсийн Iилманчас А. П. Бержес а:

"Нохчо кхин тIера а вац юучунна, цундела и йоцуш Iен ницкъ кхочуш а ву. Межарг, кIах йина чорпа, деттина жижиг, ахьаран худар - и бу-кх цуьнан берриге а кхача"- аьлла цо.

Тахана дукха хIума хийцаделла вайна юккъехь. Вайн дай ларбелларг тIедеъна вайна. Емалдеш хилла цара стеган ларам хьал-бахаме хьаьжжина бар.

Шайн къомана юккъе кхечарна юккъехь шайна гуш долу и сакхт ца даийта гIерташ юккъедаьккхина Iадат а хилла. Ма-дарра аьлча, "байттал ваккхар" олуш долу хIума:

Иза ду, сов хIума гулдинчу стагера совдаьлларг схьа а доккхий, мискачу нахана дIасадекъар. Дезаш ца хилла хIетахь вайн нахана вехаш ву аьлла стаг хьалаайвар а, къен ву аьлла лахара хетар а. Ткъа таханлерчу дийнахь вайна юккъера коьртачех цхьа сакхт ду иза, стеган бахаме хьаьжжина цуьнан мах хадор, цо иза мел хьарам-хьанал ца къестош гулбинехь а.

Стеган иштта мах хадорах лаьцна хаттарш дира вай нахе. Иштта жоьпаш делира вай зIене девллачу Бахаев Iелас, Алиева Таисас, Умхаев Ахьмада а.

Бахаев: "Стеган мах хадор цуьнан бахаме хьаьжжина хила дезаш дац, иза нахаца муха ву, гIиллакхе, мегаш ву-вац хьаьжжина... Стеган мах юьртахоша, лулахоша, махко хадон безаш бу.

Тахана бахам берг, цунна и мухха карабеънехь а, иза хьалаайво вайчара, жимма къен верг охьатаIаво..."

Алиева: "Стеган мах хадошберг цуьнан бахам бац, цуьнан доьналла, къонахалла, иман хилар ду..."

Умхаев:"Стеган мах хадор цуьнан ахчане, цуьнан бахаме хьаьжжина хила дезаш дац. Нагахь стаг гIиллакхе а, оьзда а велахь, хьарам-хьанал, харцо-бакъо къастош а велахь - тIаккха цуьнан наха дикачу агIор мах хадор бу. ТIаккха и Дална а везар ву, и стаг ша нийсо езаш велахь..."

Вайна юккъехь стеган мах хадочу терзан тIе цуьнан хьал-бахам биллар чIогIа даьржинехь а, дуккха а нах бу и нийса доцийла хууш вайна ма-гарра.

Вай ца боху стага шен Iер-дахарехь шена оьшу рицкъа лаха ца деза. Амма халахеташ дерг а, цакхеташ дерг а кхин ду:

Сел чIогIа вайн амалшца, вайн гIиллакхашца ца догIуш долу, вайн дай ларбелла долу, цхьаммо а, цкъа а шеца эхарта ца баьхьначу хьал-бахаман сий къоман кхинйолчу мехаллел а лакха хIунда даьлла, маца дуьйна даьлла?

Ойла ечунна - ян таро ло цу хаттаро...

XlX-чу бIешарахь ваьхна волу оьрсийн яздархочо Н.А. Добролюбовс иштта аьлла вайх лаьцна:

"Ламанхой шайн оьздангаллех бохон болу, амма вешан ницкъ чIагIбен долу гIуллакхаш царна юккъедаржор тIедуьллура вайна мохк тIеман хьолехь хиларо.

ХIетахь вай къобалйора нохчочуьн сутаралла...

ХIетахь бохон безара цу ламанхойн, вайна зуламе болу, даймахке безам, дезара царна юккъе девнаш-питанаш тийса...

ХIетахь царгара тIеман шпионалла а, ямартло а оьшура вайна..."

Иштта Iалашонаш хилла цхьа бIе ах бIе шо хьалха хIетахьлерчу паччахьан Iедалан нохчийн къоман хьокъехь.

Цецвала хIума кIезиг диснехь а, цецвоккхуш ду оццул хьалха аьлла долу "ХIетахь вай къобалйора нохчийн сутаралла" - боху дешнаш.

ХIунда аьлча, оцу дешнаша Iорадоху мацах баккхийчара хьехийначу "нах буу нах" цIе йолчу хиламан орамаш..

XS
SM
MD
LG