ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евробертах дIакъаста тарло Британи


Британи Европан Берта юкъара яларехьа халкъо референдумехь лаам гайтар шийла кхаъ бу вуно дукха гонашна ша оцу махкахь а, арахьа а. Ша гурахь шегара дарж дуьту, махкана керла лидерш беза ала декхаревина хиллачо Британин премьер-министр Кемерон Дэвид а.

Еарийдийнахь референдуман жамIаш гучудевлча, Британин халкъан лаам кхочушбан беза, цо Европан Берта юкъарадала лаьа боху, рогIерчу тIегIане мохк кхачош, баьчча висча, шена нийса хир дацара, аьлла консерваторийн партин хьалханчас Кемерона.

Референдуман жамI: Евробарт бита лаьа 52 процент харжамхошна. Цунах къастарна дуьхьал 48 процент нах бу.

28 пачхьалкх, ах миллиард сов бахархой юкъабаханчу ЕвроБертана боккха эшам бу хилларг. Ткъа цуьнан чIагIо йохойолийнарг яра финансийн халонаш, юха цул тIаьхьа иммграцин кризис. Оцу шина балано шелбала болийра европахойн барт.

Хаамо дожийна цIеххьана Британин фунт-стерлинг, евро, лахбина мехкдаьттан мехаш.

Брюсселехь Европан Бертан куьйгалхоша дIахьедина, Британи ма-хуьллу сиха юкъараяла еза пачхьалкхийн цхьаьнакхетараллера, аьлла. Евробертан президента Туск Доналда а, Еврокомиссин лидеро Юнкер Жан-Клода а, Европан парламентан спикеро Шулц Мартина а, Британи, шен гIулч тIех лазаме ерзале, къастаяла еза кхидIа ша дечух, аьлла.

«Дезертирех Iалаш а луш, вешан цхьаалла чIагIйийр ю вайн 27-хIе а махко, - боху ша динчу дIахьедарехь Туска. ТIедогIучу кIиранах вешан Бертан хиндерг а хьахош, саммит дIахьор ю мехкийн лидерша, аьлла Евробертан президенто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG