ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керри Джон: Европан чIагIо Iалашъян еза


Iамеркан Цхьаьтоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретар Керри Джон цхьаьнакхетар ву оршоьтадийнахь Евробертан а, референдум йиначул тIаьхьа цунна юкъараяла кечъеллачу Британин а арахьарчу гIуллакхийн министршца Брюсселехь.

Европан мехкийн а, Лондонан а дипломатин лидершца Могерини Федерикица а, Хаммонд Филипца а Керри дагахь ву Британис йоккху гIулч а хьахош, ЕвроБертан чIагIо ларъян езаш хиларх а дийца.

Кху деношкахь хинйолчу Европан саммитехь Ингалсан премьер-министро Кемерон Девида шен пачхьалкх ЕвроБертах сихха дIакъаьста некъ кховдабойла лаьа шайна аьлла цуьнан массех куьйгалхочо.

Европарламентан спикеро Шулц Мартина немцойн Билд Сонтаг газете аьлла, Британехь Брексит цIе а тиллина дIаяьхьначу референдуман тIаьхьало Европан Бартана зене хуьлуьйтийла дац, шен хьал чIагIдан декхаре ю ЕвроБарт.

Шинарий а, кхаарий а деношкахь хила езаш ю ЕвроБерто шен хьал дийцаре дан кхайкхийна саммит.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG