ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Брексит-боламо зен дина финансисташна


ЕвроБертах къастар кхоже а диллина, ша референдум йинчул тIаьхьа чолхе хьелашка евлла финансийн маркеташ теян гIерта Британи, цуьнан финансийн министр. Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретар Керри Джон а веана Европе оцу бахьанийца – иза Брюсселехь ву. Ткъа Европан кхане юьйцуш бу Берлинехь Германин, Францин, Италин лидерш.

Берлиной, Парижой дIахьедина шаьш цхьаьна ду британхоша бинчу сацамо айдина зов дижорехь, аьлла. Лондонехь, Британин банкан куьйгалхочо Осборн Джоржа дIахьедина, Брексит-референдумо айдина ирча зов дижо таро хиллал онда ю пачхьалкхехь экономика, Британин банк ца йожийта Iалашонаш а къастийна Iедало, аьлла.

Брексит-боламо эгийначу хьолан базаршкахь финансистийн хIинцале дайна 2 триллион доллар сов ахча. Фунт кхаьчна, долларца дуьстича, кху 31 шарахь а ца хиллачу тIегIане.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG