ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнна тоьхна санкцеш яхйина


Европан Бертан кхеташоно официалехь дIаяхйина ша Оьрсийчоьнна дуьхьалтоьхна лела санкцеш тIедогIучу шеран хьалха Дечкен-бутт чекхбаллац йолчу ханна. И сацам дахначу кIиранах бинера мехкийн векалша. Бертан сайто пIераскана ма-яздарра, ГIирма Украинера дIаяккхарна а, Донбассера сепаратисташ Кремло къобалбарна а ду бахьана. Финансех, энергетиках, тIеман секторах а хьакхало санкцеш.

Евробертан кхеташоно дагадоуьйту, Минскехь Украинера хьал тодан бина барт дахна шо дерзале Оьрсийчоьно кхочуш цабарна дIадахдеш ду таIзар. Шена динчу таIзарна дуьхьал жоп луш лурчаха Оьрсийчоьно а кхайкхийра Европерчу кхачанна дуьхьал эмбарго. Дахначу кIиранах и санкци дIаяхйина шен омрица президента Путина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG