Официалан визитаца Испане вахана Iамеркин президент Обама Барак. ТIаьххьара Iамеркийн президентех цу махкахь хилларг вара Буш Джордж (жимахверг). Иза хилира 15 шо хьалха.
Испанехь визит дIахьош Обама цхьаьнакхетта паччахьца Филипп VI. Iамеркин президент дагадовларш дIадаьхьна Испанин премьер-министрца Рахой Марианоца.
Испане вахале хьалха «Паис" газетана ша еллачу интервьюхь Обамас элира, Iедалан коьртехь милла хилахь а, Испани юьсуш ю Iамеркин мехала бертахо аьлла.
ТIаьххьара Испанехь хиллачу парламентан харжамашкахь толам баьккхина хIинца премьер волчу Рахой Марианос куьйгалла дечу Халкъан партино. Амма парламентехь дукхахйолу меттигаш дIалаца аьтто ца баларна цуьнан дезар ду коалbцин Iедал кхолла.
Обама дагахь вара Испанехь виса Оршотде тIекхаччалц, амма Iамеркерчу Даллас гIалахь снайперо полисхой байина бохам барна, сихха цига кхача дагахь, цхьана денна яцйина Обамас шен визит.