ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьра цхьа эскархо вийна, шиъ лаьцна Украинехь


Донецкана генайоцчу Троицкое юьртахь Украинан эскархоша йийсаре лаьцна Оьрсийчоьнан ши вахархо-тIемало. Иза дIахьедина оршоьтадийнахь президентан Порошенкон администрацин векало Лысенко Андрейс.

Цо бахарехь, буса Украинан эскарш лаьттачу меттигашкахула чекхвала гIоьртина и шиъ. Хиллачу тIематасадаларехь лазийна лаьцна, кхоалгIаниг вийна. Лецначийн цIерш йовзуьйтуш яц Киево, ткъа вийнарг ву Цакиров Натан, цуьнгахь карийначу Оьрсийчоьнан вахархочун паспорто бахарехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG