ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мосуле эскар хьажон йоллу Вашингтон


БагIдадехь шиIатой алссам бехачу къоштарчу базарахь машен а эккхийтина вийна лаххара а 9 стаг, иттанаш лазийна. Шахаьарн Ал-Рашидия декъатIехь хасстоьмийн базарахь шинарийдийнахь баьккхина бохам.

Бехк тIе ца эцна цхьаммо а, бакъду, шиIатошца мостагIалла латточу «Исламан пачхьалкх» шайх олучу тобанаша бIеннаш иракъхой а бойуш, шаьш кху беттанашкахь динчу зуламех далийла дина, массарех а санна.

Дахначу кIиранах БагIдадехь, иштта машен а оьккхуьйтуш, динчу шина зуламо вийра 300 гергга маьрша вахархо.

Иракъехь и тайпа зуламаш дестарна а, «Исламан пачхьалкх» шайх олучу тобанашца къовсам латторхьама а, Iамеркан Штаташа, шен ах эзар сов эскархо а хьажош, Мосул гIалина гергахь база кхолла гIодийр ду БагIдадна аьлла оршотдийнахь цига вахана хиллачу Штатийн тIеман министро Картер Эша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG