ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европан кхерамзаллехула, цхьанаболхбарехула йолчу организацино (ОБСЕ) ша саготта юйла хаийтина «Яровойн гулар» олу низам Оьрсийчоьнан президенто тIечIагIдарца доьзна. «Террорхошна а, экстремисташна а» духьалоярхьама боху бахьана хьалха а даьккхина, арахецна бехкамаша йоьхку дешан маршо, новкъарлойо журналисташна, бахархошна бакъдерг даржо,» - аьлла оцу хьокъехь ОБСЕ-н прессин маршо ларъечу декъан векало Миятович Дуньяс.

«Журналисташна кхерамзалла латто декхаре долчу Iедало йойла дац царна новкъарло, дуьхьалдеттийла дац экстремизмах долу низам,» - бохура Миятовича шинарийдийнахь Маршо Радионехула. Кхаарийдийнахь Маршо Радион коьртачу редакторо Рейич Ненада а элира, «ГIирмера хьал, Кремлан омранашца а ца дузуш, ма-дарра довзуьйтуш болчу журналисташна духьалдоккхуш ду и низам».

Москохарчу Iедало Украинерчу ГIирмехь вина а, кхиина волчу 22 стагна тиллина «террорист», «экстремист» цIе ша шинарийдийнахь арахецначу тептарехь.

Оцу 22-нан могIарахь бу Кремло ГIирмина оккупаци, цул тIаьхьа аннекси яр критике диллина хилла журналисташ, жигархой, и бахьанехь лецна кхобу нах.

XS
SM
MD
LG