ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германи йоккхае гIиргIазой демократин новкъа буьйлуш


Германин канцлерj Меркел Ангелас дийцарш дIадаьхьна Бишкекехь ГIиргIазойчоьнан президентца Атамбаев Алмазбекца. Юккъерчу Азехь демократин новкъабаьлла ларалучу оцу махка шина денна яхана немцойн лидер. Кхаарийн сарахь Меркелна Манас аэропорте духьалваханера Атамбаев. Еарийдийнан цхьаьнакхетарехь, гIиргIазоша дозалла до шайн Германица гергарло тасадаларна, элира Атамбаевс.

Берлинан а, Бишкекан а юкъаметтигаш чIагIйо ГIиргIазойчоь демократехьа дIагIерташ мохк хиларо, элира Меркел Ангелас а. Цо къобалдира Бишкеко дукха хан йоццуш валлалц набахтехь латто къастийначу меттигерчу узбекех волчу жигархочун Аскаров Азимджонан дов юхалиста сацамбар – къовсамехь бу 2010-чу шарахь махкахь иккхинчу гIаттамехь Аскаровс полисхо вийна аьлла тIехьарчийна бехк.

Цхьанакхеттачу къаьмнийн организацин эксперташа а, дуккхаъчу юристаша а шеконе дуьллу кхайкхийна таIзар. Деношкахь ГIиргIазойчоьнан Лакхарчу кхело юхаталла къастийна Аскаров Азимджонан дов.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG