ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эрмалойн полисхоша дIахецна закъалтхой


Эрмалойн шахьарахь Ереванехь Эребуни кIоштан полицин хIусамехь оршоьтандийнахь лецна латточу закъалтхойх шиъ мукъавалийтина полицина тIелеттачара. Де хьалха полисхой закъалте лоьцучу муьрехь герз кхетта велла полицин полковник, 6 эпсар лазийна. “Ханна кхоьллина парламент” олучу оппозицин тобанера бу тIелатар динарш.

Цара декхарево Эрмалойчоьнан президент дарж дита а, шайн тобан лидер Сефилян Жирайр лаьцначуьра мукъаваккха а, политикан тутмакхаш набахтешкара арахеца а. Цкъачунна Iедалний, тIелеттачарний юкъахь барт хилаза бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG