ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трамп Доналд Кливлендехь


Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн Огайо штатан Кливлендехь дIаболаелла 4 денна лерина республиканхойн партин гулам. Оцу цхьанакхетарехь официалехь дIакхайкхор ду респуьликанхо Трамп Доналд Лахьан-беттан 8-чу дийнахь дIахьонболчу президентан харжамийн кандидат хилар.

Гуламан тIаьххьарчу дийнахь вистхила Iалашо ю Трамп Доналдан. Цуьнан агIонерчу харжамашна кечамаш бечу компанин менеджера Манафорт Пола бахарехь, политикан Iалашо ю «Iамеркхошна ша президентан харжамаийн кандидат санна вовзийтина ца Iаш, шен адамаллин агIонашца а вовза лаар».

ТIедогIучу кIиранах Филадельфехь дIахьонболчу демократин партин гуламехь дIакхайкхор ду Клинтон Хиллари президентан харжамашкахь кандидат хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG