ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

МухIажиршна дуьхьал пен ботта лерина ву Трамп


Iамеркан Штатийн республиканхойн партино шегара президентан кандидат тIечIагIвина Огайо штатерчу Кливлендехь шен гуламехь шинарийдийнахь. Шеца цу партера къовсалуш хилла 16 кандидат а эшош, оцу метте хIоьттина бизнесхо Трамп Доналд.

«Цхьана вай иэсехь дуьсучу жамIашка кхаьчна. Ткъа некъ вай цхьаьна бахьа безаш бу кхидIа а», - элира цо кхаьжнаш тесна партин жигархой бевлча. Iамеркан халкъ лаккхарчу тIегIане доккхуш куьйгалла кхуллур ду вайн пачхьалкхехь. Белхан меттигаш юхаялор ю вай, къеяла йоьлла эскарийн бюджет денйийр ю, силахьчу ветеранийн гIайгIабийр бу, дозанаш чIагIдийр ду, «Исламан пачхьалкх» олу гIера йохор ю, низам толор ду,» - бохура Трампа. Харжамаш тIекхача кхин а кхо бутт гергга хан ю.

Гарехь, президентан дарж къовсурш хир бу Трамп а, тIедогIучу кIиранах Филаделфехь демократийн партино дIахьочу гуламехь тола тарлуш йолу Клинтон Хиллари а. Трамп йоккха кампани айина гIерта президентан дарже, амма цо махка бусалбанаш ша буьтур бац, Мексикера мигранташ чу ца лестийта пен буттур бу, иштта кхидIа а дIахьедарш деш шех къахкийна дуккха а Iамеркахой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG