ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь адамийн бакъонаш талхайо


Украинерчу конфликтан шинна а агIоно адамийн бакъонаш талхош хилар емалдеш юкъахь рапорт арахецна еарийдийнахь адамийн бакъонаш ларъечу дуьнеанюкъарчу шина юкъаралло: Амнести Интернешнло а, ХIюмен Райтс Вотчо а. Оцу дIахьедарехь хаамбо юкъараллаша Луганскан, Донецкан республика шайх олучу кIошташкарчу сепаратисташа низам хьоьшуш, закъалте нах а лоьтцуш, царна тIехь къизаллаш лелийна хилар. Цу кепарчу къепедохорехь бакъоларъярхоша бехке лору Украинан Iедал.

Украинан кхерамзалла ларъяран хьукмато сепаратисташца зIе хилар шеконе а оьцуш лоьцуш хилла нах. Ткъа Донецкан, Луганскан урхалхоша украинхошца шпионалла леладо аьлла хеташ закъалте нах лоьцуш хилла. Бакъонашларъярхоша даредарехь, шина а агIоно къайлахьош хилла шаьш нах лецар. Хьалха дуьйнна тIепаза байначийн кхолламах дерг гучудолу йийсархой хуьйцуш дийцарш долийча. Дуьненаюкъарчу бакъоларъярхоша и тайпа нах лецар, йийсарехь латтор, «бохамхочуьнгара арз а доцуш бехкеван йиш йоцу тIеман зуламаш» лору. Украинан кхерамзаллин хьукматаша лецна нах кхобу Краматорскерчу а, Изюмерчу а, Мариуполерчу а, Харьковерчу а къайлахчу набахтешкахь.

Украинан Iедало Амнести Интернешнло а, ХIюмен Райтс Вотчо а Iорадаьккхинарг бакъ ца до. Ткъа бакъонашларъярхоша шайн рапорт кечйина шина а агIонехь закъалтехь латтийначашца а, церан гергарчу нахаца а, юристашца а 40 интервью йинчул тIаьхьа

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG