ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсашна дихкина Рио-де-Жанейро баха


Дуьненаюкъарчу Олимпан комитето пIерасканадийнахь Iорадаьккхина 2008-чу шарахь Пекинехь а, 2012-чу шарахь Лондонехь а дIадаьхьначу спортан ловзаршкахь дакъалаьцначу 45 спортхочо магийнайоцчу молханех пайдаэцнахилар. И хаам бина цара шайн шолгIа допинган зеарш динчул тIаьхьа. Атлетийн цIераш а, уьш беха пачхьалкхаш а пресс-релизтIехь цкъачунна билгалйохуш яц, амма хоуьйту, шаьш буьйцурш Пекинехь ловзаршкахь хилла 8 пачхьалкхан 30 спортхо а, Лондонерчу Олимпан 9 мехкан 15 атлет вуйла а.

Олимпан комитето билгалдаккхарехь, шолгIа динчу допинган зераш буха нисбелла, коьртачу декъанна, мидалхой, къаьсттина Пекинерчу Олимпан 23 совгIатхо. Шозза а бинчу допинган талламашкахь 1243 анализ теллина, кхин а шина зерехь литта Iалашо ю Дуьненаюкъарчу Олимпан комитетан спортхойн анализаш.

Лондонехь Олимпан ловзаршкахь дакъалаьцачу Оьрсийчуьрчу 8 спортхойн анализашкахь а тусаделлера лелон дихкина молханаш, аьлла хаийтинера комитето Стигалкъекъа бутт бовш. Еарийдийнахь Лозаннехь спортан арбитражан кхело шен сацамца дихкина кху шарахь Рио-де-Жанейрехь дIахьондолчу Олимпан ловзаршкахь дакъалаца оьрсийн атлеташна. Оьрсийчоьнах хадам боллу сацам бовзуьйтур бу Дуьненаюкъарчу Олимпан комитето кIирандийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG