ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трампан кредо- американизм


Республиканхойн партин Кливлендерчу гуламехь тIаьххьарчу дийнахь вистхилла Iамеркан президентан харжамийн кандидат Трамп Доналд. Цуьнан къамелехь коьрта тезис хилла дIахIоьттина, ша Iамеркан хьашташ уггар а лекхарчу тIегIантIехь латториг хилар, чоьхьарчу а, арахьарчу мостагIех и лар а еш. «Iамеркан куьйгаллехь цуьнан интересаш коьрта ца лоруш нах мел бу, тешна хила мегар ду, кхечу пачхьалкхаша а и лорург цахилар.

Вайн пачхьалкх аьшанш а еш, чакхе йоцу и харцонаш, со президент хилахь, ас кхачор ю. Вайн кредо – американизм хир ю, глобализм хир яц», аьлла шен вистхиларехь президентан дарж къовсучу Трамп Доналда. Ша белхахойн, юккъерачу классан интересаш лардархой тарвеллачу Трампа дIахаийтина «экономикан конфликташ чIагIлур ю, нагахь санна харжамашкахь Клинтон Хиллари толахь.

Вай тахана пачхьалкхехь ловш йолу халонаш йоьзна къоьллица а, гондахьарчу мехкашкара тIемаш, хIаллакъхилар бахьанехь, и проблемаш лаьттар ю, уьш вайна еанчу политикех тешна вай мел Iа. Соьца къовсамехь йолчу Клинтона харжамашкахь хьесапеэцна элита, ткъа сан Iалашо мискачу, бицбинчу нехан доладан», аьлла Трамп Доналда гуламехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG