ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кремло кхана лур долчу дикане сатийса дуьсу


Бутт-батте мел болу а дайлуш лаьттачу ахчане хьаьжжина Оьрсийчоьнан Iедало бахархошна гIо дийр ду бохучух тешаш берш, лартIахь, кхетамехь болчу нахалахь каро хала ду.

Къилбаседа Кавказан кIошташкахь, масала, Ставропол мехкарчу оьрсашка ахь хаьттича а, цу хьокъехь «хьо стиглара воьжжа-м вац, маца делла Iедало хьуна инфляцига хьаьжжа алапа я пенси», хьох доллург хаа санна, бIаьргашца хьо вуста а вустуш, жоп ло муьлххачо а.

Кремль чохь болчу куьйгалхоша, эшам хиллачу бахархошна, ирхъоьху мехаш тидамехь а латтош, алапаш а, пенсеш а нисдийр ду аьлла, дуккха а адам долчу меттехь цхьамма эккхийтича, кIезиг масалш дац, маьттаза дешнаш ца кхоош, оьрсаша шаьш урхаллехь болчарна наьIалташ кхайкхийна а.

Оьрсийчоьнан цхьа дакъалг хиларе терра цу декъехь кхин хьажам хиларца къаьсташ бац кхечарех нохчий а. Ма-дарра аьлча, махкахой тешшане а тешаш бац Iедалхоша ахча дайдаларца доьзна, шайна кхечу кIошташкахь йоцчул гIоленаш йийр ю аьлла.

Мелхо а Оьрсийчохь, инфляци тергоне а оьцуш, алапаш, пенсеш тIетоха доладахь а боху, цхьаболчара, иза хиллане а хила тарлуш дац Нохчийчохь. Цу хьокъехь болатах тера чIагIбелла хьажам болчех ю Соьлжа гIалахь цхьана доьшийлехь 10 эзар алапа а оьцуш,нуй-горгамца хьашт-дезарш луьстуш йолу Яхиева Ийман.

Ийман: «Оьрсийчохь хIун хир ду ала-м яц со, амма кхуззаххьа-м тухур яц цхьа кепек тIе. 13-14 % инфляци хилча а цара тIетухург 3-4 % ю-кх. ТIейогIучу ханна ахча дайдаларе хьаьжжа алапаш тIетухур ду аьлла дегайовхо нехан я-м яц.

Цхьайцуьрриг а дегайовхо а яц, мелхо и мехаш тIекхета аьлчи а, гIайгIанехь хуьлу-кх нах. Массо хIуманна мехаш тIедетта. Цкъачунна-м даладелла хIума дац. Лаг а лаьцна хьийзош-м ду кхара адам. ХIун де боха-м хаац адамашка..»

ХIинцца къамел динчу Ийманчух тера ойла кхобурш чот йоцуш дукха бу. Царна хетарехь Оьрсийчоьнан Iедало лаг лаьцна латтош ду халкъ,самалха далийтаран метта,кхин тIе а лаг къийла а къуьйлуш. Дахар дикачу,хьаамечу агIор хийцаме дер ду-кх аьлла, кхаьбна гIийла дегайовхо а, хан хене яларца, йовхонехь лекъаш,кхачало хи санна,йовш ю могIарерчу бахархойн. Цунах дуьйцуш ю Соьлжера пенсахо Лайлаъ а.

Лайлаъ: «Дегайовхо ян а яц. Цкъа тоьхна-м дац инфляцега хьаьжжина ахча тIе. Иза уьттаза хьалайолу. Ткъа алапа гIорийча латтош ду. мелхо а гIоленашна луш хилла ахчанаш хедош ду, тIетохаран метта. Дика хир дац те аьлла сатийцсамаш ба-м бу амма цуьрриг а чIагIо-м яц..»

Оьрсийчохь олалла дечу иттаннаш, бIеннаш харцонех цхьаъ лору адамаша хIора баттахь дайлуш, пайдабоцчу долу ахча, дахарехь цхьа маьIна а доцуш,кIадбоццу хIума долуш санна, Iедалдайша бахархошна гIодар цхьана билгалзачу хене дIатеттар.

Инфляци янне а ян а йоцуш санна Iедал партал Iар хьокъехь деш долу къамелаш къаьсттина марсадовла, мархин бутт чекхбалале эзарнашкахь Европехь беха нохчий, хIинца, кху муьрехь санна, цIехьа баьхкича. Цигахь, дукхахйолчу пачхьалкхашкахь, хIора баттахь инфляци бахьнехь лестаме дуьйлучу мехашка хьаьжжина алапаш, пенсеш, пособеш далар а, Iедало до гIо хьанна а дезарш листа тоаме хилар а – и дерриге а, кхетамна хьагаме гилгаш а дохуш, тамаше ду вайнахана.

Кхузара цара шайна и санна нийсанан «токхо» кестта хирг цахилар кхета а деш, цу хьокъехь, олучунна дена а, нанна а олуш, къамелаш дой а, хьаам бо шайна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG