ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иракъехь юха а теракт


Иракъерчу БагIдадан полисхойн декъанна Iожалхочо динчу тIелатарехь байина а, лазийна а нах бу. Билггал маса стаг велла, болчу хаамшкахь дуьйцуш дац, амма цхьацца йолчу агенталлаша Иракъерчу хьаькамаша дуьйцучунна тIе а тевжаш хаамашбо, 12-х стаг велла а ву, 20-х стагна чевнаш а йина, бохуш.

Ассошиэйтед Пресс агенталле цхьана дарабан цIийнан лоьро далхийна, байинчарлахь 3 полисхо ву аьлла. Цкъачунна цхьана а тобано шена тIе ца лаьцна шиIтойн кIоштана чувуллучохь дина зулам.

Ткъа кху беттан 3-чу дийнахь БагIдадехь 290 стаг а вуьйш дина теракт «Исламан пачхьалкх» шайх олучу тобано шена тIелаьцнера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG