Дуьненаюкъарчу Олимпан комитето ша Оьрсийчуьра Рио-де-Жанейро Олимпан ловзашка баха леринчу массо а Оьрсийчуьрчу атлеташна ца доьхку цига кхача, амма допинган талламех чекхбохур бу цига баха магийнарш, аьлла кIирандийнахь.
Оьрсийчоьно аьтто латтабо доппингаш лелаечу спортхошна царех пайдаэцар къайладахьа, аьлла бара Олимпан комитето тIебаьхна бехк. «Нийса хир ду, массарна тIе жоьпалла а ца дожош, хIора спортхо зуьйш чекхвалийтича Олимпиаде» - аьлла Олимпан комитетан куьйгалхочо Бах Томаса.