ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бежаний леш ду Нохчийчохь


Нохчийчохь, луларчу мехкашкахь а санна, яьржина лела нодуляран дерматит олу бежанийн цамгар. Официалехь махкахь цомгуш 4,5 эзар бежана дара хIинццалц, царех 300 делла, хаамбина прессехь дохнан могашалла тергонехь кхобучу урхаллан декъан куьйгалхочо Чукаев Адама.

Цо дийцарехь, базаршка цомгушчу бежанийн жижиг кхочур доцуш, болх бина Iедало. Недуляран дерматит дохнан дилх, цIий талхош цамгар ю, адамна кхераме яц иза, ветеринараша тоьшалла дарехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG