ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIеман альянс "Штаташ-Оьрсийчоь"


ТIебогIучу беттан юьххьехь ша довзийта лерина ву Шемарчу хьолаца йоьзна тIеман информаци вовшашца екъарх а, тIеман гIуллакхаш цхьана леладарх а Оьрсийчоьнца Штаташа кечбечу бертан маьIна, аьлла Iамеркан Штатийн пачхьалкхан секретаро Керри Джона.

Лаосерчу Къилба-Азин мехкийн барамехь шаваьлла Оьрсийчоьнан дипломатин лидерца Лавров Сергейца къамелдинчул тIаьхьа шинарийдийнахь элира иза Керрис.

Президентна Асадна дуьхьаллаьттачу, «Исламан пачхьалкх» олучу тобанашца а ца беш, Оьрсийчоьно Асадца къийсалучу дакъошна ден тохарш юкъарадахархьама бу Штаташа Кремлца бен барт. Оцу новкъахь прогресс ю, барт хила тарло, элира Керрис журналисташка.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG