ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийн хакерш болучух тера ду Штаташна къоладинарш


Обама Барака, NBC News телевизионна интервью луш кхаарийдийнахь дIахьедина, дахначу кIиранах демократин партин электронан почта ларамза яржар Цхьанатоьхначу Штаташкарчу президентан харжамашна тIеIаткъам бархьама Оьрсийчуьрчу хакерша бина болх хила тарлуш ду, аьлла. «Дерриг а ду дуьззина хила тарлуш», - элира Обамас шега журналисто деллачу хаттарна жоп луш.

Консерваторин партийн кандидато Трампа дуккхаза а хазийна ша Путинах воккхавеш хилар, цундела Оьрсийчоьнан прессехь вазвина вуьйцу иза, бохура Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто. Демократин партин серверш ястар толлуш ю къайлаха сервис, эксперташна хетарехь, зуламна тIехьа оьрсийн хакерш бу. Цхьа хан хьалха оьрсийн хакерша йостуш нисделла пачхьалкхан а, нехан долара а компьютерш, дагадаийтира Обамас.

Iедалийн сайташ йовзарца гIараяьллачу Викиликс сайто демократин партин сервершкара 20 эзар лечкъийна электронан хаамаш бовзийтича яьржира Штаташкахь скандал. Иза бахьанехь демократин партин хьалханча Вассерман-Шульц Дебби дIаелира балхара – партино президентан дарже кандидат къастош, хеназа доллушехь Клинтон Хилларин агIо лацарна бехкбиллинера цунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG