ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьра дуккха а спортхой кхочур бац Олимпиаде


Дуьненаюкъарчу яйн атлетикан федерацийн ассциацино кхочуш ца дина Оьрсийчоьнан спортан министро Мутко Виталийс Оьрсийчуьра спортхой Рио-де-Жанейро олимпиаде цабитарх болу сацам юхабаккхахьара, аьлла, дина дехар.

Ассоциацин куьйгалхочо Коу Себастьяна Муткона ша деллачу жоьпехь хаийтина олимпан ловзаршка ваха луучу яйн атлетикан 67 спортхочунна дисквалификаци кхайкхийнийла а, иза Лозаннерчу спортан арбитражо тIечIагIдинийла а. Яйн атлетикера цхьаъ бен хир яц Оьрсийчоьнах олимпиадехь дакъалоцуш – Клишина Дарья.

Допингаш пачхьалкхан урхаллаша а магош спортхоша лелош хилар Iорадалар бахьана долуш Оьрсийчоьнан спортхой олимпиаде ца бахийта сацам бира хьалхо дуьненаюкъарчу Олимпан комитето, амма юхаийцира деношкахь.

Делахь а допинг-лабораторийн жамIашна тIе а тевжина, дуьненаюкъарчу спортан хьукматаша Оьрсийчуьрчу 387 декъашхочух Олимпиаде цавитинарг ву хIинцале 100 сов спортхо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG