ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Алеппора бовдуьйтуш бу бахархой


Шаьш Шемин Iедалан куьйгалхочуьнца Асад Башарца цхьана бечу тIемаша йохийначу Алеппо гIалин бахархошна ков диллина арабовла аьлла дIахьедина Кремло. Иштта Асадна духьал тIом бечарна а магийна шаьш, герз охьа а диллина, гIаличуьра арабовла, боху Оьрсийчоьнан тIеман министро Шойгу Сергейс.

250 000 вахархо ву гонелаьцначу Алеппохь. Шойгус еарийдийнахь элира, «Путина шуьйрра программа кечйина гуманитаран гIодан террорхоша закъалтехь латточу алеппохошна». Цо бахарехь, кхо ков ду доьллуш гIаличуьра арабовлучарна. Шемарчу бакъоларъярхоша бечу хаамашца, кеманаша кехаташ туьйсу Алеппо гIаличу нахана арабовла некъаш гойтуш.

Асада амнисти кхайкхийна герз охьадилла луучу дуьхьалончашна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG