ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Клинтон Хиларис емалво Трамп


Ша Цхьанатоьхначу Штатийн президентан дарже кандидат тIечIагIъеш хиллачу демократин партин гуламехь еарийн сарахь Клинтон Хилларис довзийтира шена пачхьалкх ша караэцча гуш долу дандезарш.

Президентехь хила еза амал, лехамаш хьахош цо ша дуьхьалхIоттийра республиканан партин кандидатна Трамп Доналдна. Иза кийча вац президент хила, «къеззиг а шена ца тайначунна, собар а доцуш, девне волу»,- элира Клинтона.

«Ша цхьамма проблемаш кхочушйийр ю боху цо, ма тешалаш цунах. Iамеркахойн дац олуш, ас цхьамма дерриг а дийр ду. «Вай цхьана дийр ду дерриг а» олуш амал ю вайн», - бохура Клинтон Хилларис.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG