ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьанна оьшу полици?


Нохчийчоь йоьттина ю тахана полицин белхой. Цара мискъал зарратал бIокъажор доцуш,пачхьалкхан низам кIоршаме талхош хилар тидамза а дуьтуш,хIайттараллица кхочуш до буьйранчаша шайна тIедехкина муьлхха а декхарш.

Оьрсийчоьнан кхечу кIошташкахь сомаха я гIенаха гина а я дуьйцу хезна а доцург кхузахь низамхоша дина карадойту: кIадбоцчу бахьаненна,доьхка тесна дацахь а, лампанаш летта ца хиллехь а,машенан кехат чохь дицделла хьо урам юьххье бен ца ваьллехь а дIайоху машенаш,даккхий гIуданаш охьадехкича бен схьа а ца луш.

-Аш лелориг нийса дац,низаман гIароллехь латтарна метта аша шаьшша талха стена талхайо бакъонаш?-хаьттича,хьалнехьа пIелг а хьежош: «Тхо тхайна делла омра кхочуш ца дича ца довла!» -жоп хазадо. Низамаца бIоста нислахь а,ца нислахь а муьлхха а буьйр дахаре дерзош, полисхой шовкъе хьийзар товчух тера ду Iедалхошна.

Стенна аьлча хIуъу а шайна мага а могуьйтуш цара махкахь лааме хьажжина деш долу олалла,могIарерчу бахархошна беш болу тIеIаткъам саццаза дIахьуш бу. Къаьсттина и юьхькIаме доцу сурт хIора а дийнахь бохург санна, дика го воьду-вогIучунна. Шелковск кIоштехь хIинцца нисьелла хIара меттиг. Дуьйцуш ву 52 шо долу Масхьуд.

Масхьуд: «НогIийн махкара хорбаш йохьуш вогIучу сан вешин кIантера машен дIаяккхина,аьрро лампа летта яцара аьлла. ХIара цIера араваьллачул тIаьхьа новкъахь яьгна лампа. ГIуданан лоттийле дIахIоттийна машен. 5 эзар гIуда охьадилла боху. Шаьш лелориг лартIа доций шайна а хаьа,амма юха ца бовлу.

Ас и машен сацийнарг а,дIайигнарг а мила ву а хиъна, дIааьлла: бутт балахь а,шо далахь а кху машенах жоп ас хьоьга доьхур ду,тIехула тIе хорбаш йохкарехь хилла зе хьоьга метта а хIоттадойтур ду. Иза а аьлла со цIа веанчу шолгIачу дийнахь,хабар а даийтина, машен схьаелира». И къамел динчу Шелковск кIоштан вахархочо чIагIдарца нах ца хIуьтту полисхошца къовсаме бийла а,девнаш даха а. ХIунда,цара тIаккха хьан чуьрчу гергарчарна тIеIаткъам бан болабо,балхара бохо кхерамаш туьйсу.

Полисхойн хьокъехь мел бIаьрла ойланаш кхобу могIарерчу наха? Уьш нийсонан,бакъонан гIортораш а хеташ, мел дегайовхо кхоба церан хьокъехь бахархоша? Дукха кIарглуш гена вийла а ца оьшуш тусало нехан къамелашкахь полицин белхалой халкъалахь лераме хилар я цахилар. Цу декъехь цхьа кIеззиг бен бацахь гайтам бу аьлла хетта гуьмс кIоштерчу Халадан деш долу къамел а. Цунна моттарехь,мел гома делахь а шайга бох-боххург кхочуш а деш Iаш бу полисхой, ца дийриг тухий балхара вохаво…

Халад: «Полисхошна ахь хIун эр ду? Шайга ден аьлларг а деш дIа Iаш бу-кх. Некъехь а къепе хIотто-м гIерта уьш,амма воьдуш –вогIуш сайна цаьргара гIо хир ду ала-м ца хаьа суна. Шаьш кIелхьара бевлчахьана цара хьанна а тIе нехаш-м хьокхур ю. Шайн чекхдаьндерг дуй,хьанна тIехь а чеккха-м доккхур ду цара шайн белхо кIелхьарваккхархьама.

Цхьа къамел а дац цу тIехь. ГIалаташ а дуьйлу дуккха а. Цара шаьш схьагойтуш ю-кх цара лело харцонаш. ЛартIахь полисхо нисвелча а цара шайн кепа мА туху. Иза балхара дIавала веза я царех тарвелла дIаваха веза. Ца водахь цунна цхьа тешнабехк а бийр бу Масалш дукха ду…».

Полицин белхалой хьокъехь мел дийцинчарна хетарехь, Москвара дуьйна охьа мага а могуьйтуш,ерриге Оьрсийчохь доллу хьал ду Нохчийчохь схьагуш дерг а. Кхузара нахана хаъане а ца хаьа,полисхой адамийн накъостий болуш, бакълена а низам сий-лераме долуш хан ОЬрсийчохь маца йогIур ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG