Синьхуа агенталло хаамбарехь, цхьа полисхо велла, кхаанна чевнаш йина оршотдийнахь ОвхIанистанан коьртачу шахьарахь Кабулехь динчу талорехь. Болчу хаамашца, оьккхуччу молханах юьйлина машен иккхина Кабулерчу «Норсгейт» хьешан цIенна гергахь.
Отелян белхахошна а, цу чохь бехачу кхечу пачхьалкхийн бахархошна а зен ца хилла. Кхо зуламхо новкъара ваккха ка яьлла полисхойн.