ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсичуьрчу спортхойн тептарш юха а толлу


Оьрсийчоьнан спортехь скандал иккхинчул тIаьхьа Дуьненаюкъарчу Олимпан комитетан куьйгалхочо Бах Томаса кхойкху антидопинган къепе шен орамашкара дуьйнна хийца. ПIераскана Олимпан ловзарш дуьйлалучу Рио-де-Жанейрехь шинарийдийнахь дIаяьхьинчу сессехь Баха билгалдаьккхира, оьрсийн спортхоша магийна доцчу молханех шуьйра пайда а оьцуш, даржоро Iорадаьккхина Дуьненаюкъарчу антидопинган агенталлин белхан эвсаралла тоаме цахилар.

Бразилехь хиндолчу ловзаршкахь дакъалаца оьрсийн спортхошна дехка а ца доьхкуш, церан гIуллакх листа дуьненаюкъарчу федерацин кара даларна Олимпан комитетна оьгIазбахана дуккха а нах. Макларен Ричард коьртехь волчу Дуьненаюкъарчу антидопинган агенталлин йозуш йоцучу комиссино динчу жамIийн бухтIехь Олимпиадехь оьрсийн атлеташка дакъа ца лацийтар хьехна агенталло.

Бахьанаш ду, Iедало къайла а кхоьхьуш спортхоша допингаш лелор. Олимпан комитетан (МОК-ан) леринчу комиссино кху деношкахь юха а толлуш ду Дуьненаюкъарчу федерацеша ловзаршка магийначу спортхойн тептарш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG