ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гюленца мел дозург доьхку ЭрдогIана


Байначу беттан 16-чу буса Туркойчоьнан Iедало, шайн пачхьалкхехь карчамбан гIортарна бехке лоручу Гюлен ФетхуллахIца йозу компанеш тIедогIучу рицкъах хедор ю ша аьлла туркой президенто ЭрдогIан Реджепа. «Терроризман бенаш» лору цо оппозионерца уьйрашкахь мел йолу школаш, компанеш, коммерци лелош йоцу юкъараллаш а. ЭрдогIанан дешнашца аьлча, "Туркойчохь шеконийн мур бирзина, хIара мур къийсаман бу», цундела Гюленан агIончаш тешна бу, шайна хиндолчух".

Туркойчохь карчамбан арабевллачарлахь хилла аьлла, шеконашца лецна 10 эзар сов стаг, бу царлахь 70 эзар Iедалан белхахой, полисхой, тIемалой.

Пачхьалкхехь чолхечу хьолан раж ю кхайкхина кхаа баттана, лелачуьра сацийна адамийн бакъонашкахула йолу Европан Конвенци.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG