ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дешан маршо а, гураш а


Успанов Юни а, Ибрагимов Ризван а, цуьнан кIентий а.
Успанов Юни а, Ибрагимов Ризван а, цуьнан кIентий а.

Масех де ду нохчийн историк-талламхо кхетамах тиллачийн цIийне хьажийна, цу чохь латтаво. Йохьанца баттана аьлла ду, Нохчийчурчу кхело бинчу сацамца. Ризван вевзучу нахана халонга даьлла иза, иштта таIзаран кIела вахийтирах.

Цхьана баттана аьлла ХIинжа-ГIаларчу кхетамах тиллачийн цIийне хьажийна ву Ибрагимов Ризван.

Оцу хена юкъана цуьнан, коьртаца могашалла таллийтархьама дина боху иза Нохчийчурчу кхело. Цу тайпа дарбан цIийне кхаьчначунна тIаьхье вуон хуьлундела, дукха нах саготта бу цуьнан могашаллина.

Советан заманахь къаьстина дукха масалша дара, шаьш дIахьочу политикца резабоцурш, иштта «дарба» дан нуьцкъалха чубийшош.

Ткъа, цигара могуш стаг аравала атта а дац. Дашана ала догIу, Советан заманара ша мел волу диссидент аьлча санна, оцу некъахула чекхаваьлла.

Царах цхьаболчара, могIарера набахте гIоле хира яра бохуш, язйина шайн дагалецамашкахь.

Ибрагимов Ризванна бехке дуьллуш дерг дара, цо зорбане баьхначу шен белхашкахь, нохчийн къам кхечу къаьмнел а лакха доккхуш ду аьлла.

Иштта цхьаболчу историкаша цхьанаозаца емал дора цо шен белхашкахь бусулба дин схьадалар а, КъорIан доссаран а, иза язйина маттах а дийцар. Иза а, цуьнца кхин цхьа яздархо а, республикан куьйгалхочунна тIе а кхайкхина, церан белхаш емалдира Iилманан академера историкаша а, яздархоша а.

Цу тIехь дирзина аьлла лара мегар дара цу шиннан гIуллакх. Фейсбук шен агIон тIехь Ибрагимов Ризвана ша а язйира, ша кхин цу тайпа Iилманан белхаш бийр бац аьлла.

Гуьмса кIоштерачу цхьана яхархочо прокуратуре арз динчул тIаьхьа, Ибрагимов Ризванан гIуллакх прокуратуро шен тидаме эцнера.

Цо кхеле кховдийначу материалашца хьажийна иза дарбан цIийне.

ХIара материал кечъеш вуно хала дара цуьнах лаьцна комментарий эца. Ризван вевзаш-везачеран аьттонаш бацара цуьнах дика а , я вуон а ала. Шайна а таIзар хиларна кхоьру, бохуш, ма дарра схьаолура цара.

Успанов Юни, «нохчийн историйн юккъараллан» куьйгалхочо шена хетарг элира Ибрагимов Ризванан гонахь яьллачу гIовгIанех.

Ша а, цуьнан цхьадолчу белхашца реза ца хиллехь а, иза оццул таIзар а дина, коьртаца телхинчарах дIатоха оьшуш ма дацара, элира цо.

Успанов: «Ибрагимов Ризван суна вевза дика хан ю. Вайн историн юккъараллан декъашхо а ву иза. Цу юккъахь дукха а Iилманчаш а, язадрхой а бу. Цо дуьйцург нийса делахь а, дацахь а, иза къъовса а, дийцарш дан а кийча вара иза. ХIинца иза коьртаца телхинчарах дIатоха хIунда оьшуш ду иза? Цо жуьгтех аьлларг шеггара ма дацара. Кхечу историкаша язйинчу белхаш тIера схьаэцна ма дара иза».

Нохчийн къоман истори талларна хьийзош ву Ибрагимов Ризван, аьлла хета Успанов Юнин. Вайн вешан иза талла йиш ца хилча, вайн истори шайна а ерзош, жигара белхаш беш бу, луларчу мехкашкахь, аьлла билгаладаьккхира цо.

Успанов: «Рамзан волчу кхайкхина, цигахь цо дийца ма дийцинера иза. Иза чекхдаьлла хила дезаш ма дара. Хьовсийша, хIирийша а, суьйлиша а, вайн истори шайна тIе а язъеш белхаш деш ма ду. Ткъа, вай цуьнах ала а, дийца а йиш яц. Нийса ма дац иза!»

Баттана аьлла чувижийна ву Ибрагимов Ризван ХIинжа-гIаларачу кхетамах тиллачийн цIийне.

Цигара лоьраша цуьнан могашаллин мах хадорах доьзна хир ду, иза цIа воуьйтур ву, я цигахь кхиъ вуьтур ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG