ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пакистанерчу адвокаташа протест кхайкхийна


Кветта гIалахь иттаннашкахь шайн накъостий байинчу Пакистанерчу адвокаташа болх сацош протестан болам кхайкхийна. Лоьраша бинчу хаамца, 60-70 адвокат кхелхина хьалхо цабевзачара герз диттина лазийна, леш воллу Кветтерчу адвокатийн ассоциацин куьйгалхо чувиллинчу дарбан цIийне гулбелчарна юкъа а воьлла, цхьана стага ша-шен эккхийтича.

Зулам «Исламан пачхьалкх» олучу тобанаша шаьш дина аьллехь а, иза шеконехь ду, яздо Пакистанерчу зорбано. Ткъа билгал ца даьлла муьлхачу ницкъийн лаамца дина эккхийтар. «Лазарех цIанбала баьхкинчу нехан хIусамехь зуламдийриг мел къиза, адамаллах хаьдда хила веза», - элира шинарийдийнахь Исламабадехь мехкан Лакхарчу кхелан цIенна хьалха хIоттийначу протестан акцехь Пакистанан прокуроро Iела Iаштара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG