ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москохца барт карийна Хонкарна


Шемара тIом берзо а, бахархошна гIодеш а гуш болу некъаш цхаьбосса бу Оьрсийчоьнан а, Туркойчоьнан а аьлла кхаарийдийнахь Хонкаран цIарх цигарчу арахьарчу гIуллакхийн министро Чавушоглу Мевлюта.

Шемех доьзна ондда механизм кхуллуш ю Москох а, Хонкара а, бохура дипломато президентийн Путинан а, ЭрдогIан Реджепан а шинарийдийнан Петарбухара къамел дирзича. Амма Чавушоглус билгалдаьккхира, Оьрсийчоь Шемин президентехьа Асад Башарехьа елахь а, Туркойчоь цунна дуьхьал ю, аьлла.

Стохка туркоша Оьрсийчоьнан тIеман кема дохийчхьана эгIначу шина пачхьалкхана барт карор бу, дош делла Путина а, ЭрдогIана а. Амма иза дац Хонкара Малхбузенца гамъелла бохург, элира Чавошоглус. Туркоша Вашингтоне шайга дIавалар доьху бахначу баттахь шайн махкахь карчамбан гIоьртинчийн коьртехь ву аьлла шаьш лору стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG