ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Штайнмайер а, Лавров а дийцаршкахь ву


Украинехь а, Шемахь лаьттачу хьолан хьокъехь дийцарш дан цхьаьнакхеттера оршотдийнахь Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министр Лавров Сергей а, Германерчу дипломатин лидер Штайнмайер Фран-Валтер а. Шина министро, журналисташна хьалха къамел деш чIагIо йина Малхбалерчу Украинера конфликт дIаерзорхьама бинчу Минскан бертана шаьшиъ тIетовшхилар.

ТIейогIучу хенахь цигара хьал къепедалош Кремл Луганскан, Донецкан республикаш шайх олучу кIошташкарчу сепаратисташца тIаьхьалонца дийцарш долон дагахь ю, Лавровс бахарехь. Штайнмайер Франк-Валтера хаамбина, Германин билггал некъаш ду хьеха, Малхбалерчу Украинехь кхерамзалла чIагъярхьама. Хьалхо Германин чоьхьарчу гIуллакхийн министралло кхайкхира Оьрсийчоь ГIирмера хиламаш бахьанехь Донбассера конфликт ирцаяр.

Штаймайерна хетарехь, Украинера тIеман хьал дерзорехь кхиамаш ца хуьлу, шина а агIоно вовшашца компрмисс цалахарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG