ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трампан гIоьнча а, Янукович Виктор а...


Iамеркан Штаташкахь консерваторийн партера президентан дарже ваха гIертачу Трамп Доналдан харжаман компанин куьйгалхочо Манафорт Поло Янукович Викторера, иза Украинехь президент Iачу шерашкахь, цуьнан Iамеркара политикан хьашташ чекхдохуш, 12 миллион доллар схьаэцна хилар гойту кехаташ Iорадаьхна Associated Press агенталло.

Электронан кехаташа гойту лоббин фирман коьртехь волчу Манафорта а, цуьнан гIовсо Гейтс Рика а Януковичера, цунна Iамеркахойн бIаьргашчохь реклама латториг мах оьцуш хиллийла. Трамп Оьрсийчоьнца къайлах гергарлонаш лелош хилар Iорадохуш Iамеркахой хьийзачу юкъанна нисделла цуьнан харжаман компанин хьалханчо низам а талхош ахча доккхуш хилла хилар.

Манафорт а, цуьнан накъост Гейтс а биъ бутт бу Трампан харжаман компанина дIахьош волу. Ша ца латтийна лобби Украинан президентна, бохура хьалхо Манафорта. Амма Associated Press агенталло баржийна хаам бакъ нислахь, 5 шаре кхаччалц набахтехь яккха хан тухур ю цунна, 250 миллион доллар гIуда а доккхуш.

Еарийдийнахь изза кехаташ довзийтина Украинерчу антикоррупцин бюроно, амма цара ца ло 12 миллион доллар Януковичера Манафорте дIакхечира боху тоьшалла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG